«Этнографически диктант»

28.02.2019

Мамакаев Iаьрбин дахарх а, кхоллараллех лаьцна «Сан дог, хьо деттало къахьоьгуш халкъана» цIе йолу региональни этнографически диктант

Вайн массеран а декхар ду ненан мотт 1амор, и ц1ена бийца хаар. Иштта массо а декхарийлахь ву вайн къоман яздархойн, поэтийн кхолламан некъаш, церан литературни белхаш довза.

2019-чу шеран чиллин беттан 28-чу дийнахь Эг1ашбетарчу, дешаран организацехь нохчийн матте болу безам а, цуьнан вайн дахарехь лелар а совдаккха, Нохчийн Республикин бахархойн ненан маттах долу хаарш алсамдаха йолчу Iалашонца Мамакаев Iаьрбин дахарх а, кхоллараллех лаьцна «Сан дог, хьо деттало къахьоьгуш халкъана» цIе йолу региональни этнографически диктант яра.

Шайн хаарш гайтарехь оцу диктантехь дакъа лецира хьехархоша а, дешархоша а, дайша-наноша а.